Харжамашка яха мега зудчунна СаIуда Iаьрбийчохь а...

СаIуда Iаьрба махкахь духхьара бу зударий харжамашкахь кху мукъаденошкахь дакъалоцуш. Божарша шаьш, зударша шаьш кхаьжнаш тосу цигахь. Мехкан муниципалан кхеташонашка харжалуш ю 980 зуда – депутаташка боьлхучу нахах 10 процент гергга ду и терахь.

Харжамийн барамаш дIахьош СаIуда Iаьрба махкахь зудчун-кандидатан бакъо яц шен харжамхошца-божаршца ша къамелашка йийла.

И пачхьалкх тIаьххьараниг яра дуьненахь зударшна харжамашкахь дакъалаца доьхкуш. 430 харжамхойх 130 харжамхо зуда хир ю хIинца дуьйна. Демократин институт санна харжамаш дуьххьара юкъабехира СаIуда Iаьрбийчохь 2005-чу шарахь.