Элдин Микаил. Хьох къехка везийла-м хаьара суна...

Your browser doesn’t support HTML5

Элдин Микаил.Хьох къехка везийла-м хаьара...

Ткъа дог ма аьрха ду-кх, хIун де ас цунна,Буоберийн рицкъанах кура къу санна,

Муьлхачу Iазапан кхиэл е ас сайна?

Везара хьан бIаьра хьежа-м со гIийла,

Лечкъадеш сайн дагна даI дина дерташ,

Мукъамо, вайн синош хьистинчу хийла,

Со маьрша-м ца вуьту, чIир хилла хьерчаш.

Вай цхьаьна ца дарах везара кхета-м,

Iаьржа лам ца хьоьсту сийначу хIордо,

Делахь а сан синна ма ирсе хета-кх,

Ша хьеста хьан эмалк синна ца кIордош.

Вай даха-м дезара къера а хилла,

Дуьненан гIиллакхех тоам бан Iемаш...

Делахь а вайшинна ма готта хилла-кх,

Дуьненан доккхалла, даржийча тIемаш...