Уггаре а дукха журналисташ бу чубоьхкина Китайхь а, Мисарахь а

Журналисташ чубохкар хьокъехь леррина дIахаийтар кечдин Журналисташ Iалашбаран Дуьненаюкъарчу комитето. Цо бинчу хаамца, уггаре а дукха журналисташ бу чубоьхкина Китайхь а, Мисарахь а.

Китайхь набахтехь воллуш ву 49 журналист. Мисарахь – 23, ГIажарийчохь – 19, Эритрей олучу пачхьалкхехь ву чувоьллина 17 журналист. 14 журналист ву набахтехь латтош Туркойчохь.