Элдин Микаил. Хьан кIентий гIурба деш бу хьуна, нана...

Your browser doesn’t support HTML5

Элдин Микаил. Хьан кIентий гIурба деш бу хьуна, нана...

Шайлахьа гIийланиг сагIийна велла,Хьан кIентий гIурба деш бу хьуна, нана,

Хьан эвхье йоI-йиша йоьхки-кха цара,

Кху мехкан къа-бала хьан лазам хилла-кх.

Ламаз деш ду хьуна хьомсара бераш,

Хьан бIаьрхийн сирла куз когаш кIел тесна,

Уьш бен кхин вац-кха хьан дуьненахь верас,

Амма... Хьан хIусамах-м сийна цIе тесна.

Хьан доьзал доIа деш бу хьуна. Деле,

Хьан деган цIийх дуьзна куьйгаш а кхийдош,

Дуьне а, эхарт а Кхоьллинчуьн кхиэлехь,

Амма... Хьан буоберийн дегнаш ду-кх шийла.

Хьан кIентий «элалла» оьцуш бу хьуна,

Хьан цIеста кIудал дIайоьхкина, нана,

Хьо ларъеш эгначийн тезет ду хьуна,

Хьайн бIаьрхиш лачкъадай хьо орцахъяла.

Лохьа хьайн къинхетам хIора а дагна,

Баккхахьа хьайн доьзал дажалан багара...