Кабуло тIеман гIо доьху дуьнене

ОвхIанистанан тIеман министралло керла ницкъаш кхийсина Гилменд провинцерчу Сангин кIоштахь тIалибашца лиэтачу шен дакъошна гIоьнна. КIира ду цигахь тIемаш лаьтта. ТIалибийн караяхана дуккха а меттигаш. Кабуло тIеман гIо дехна дуьнене, уггаре хьалха шена оьшу, аьлла цо, кеманашца тIалибашна дуьхьалояр.

Британино шен тIеман консультанташ хьовсийна Сангине. Гилмендан губернаторна шатайпа некъ карийна орца деха – цо оршоьтадийнахь Фейсбукехула мехкан президентна Ашраф ГIаниана хаийтина, Iедалера алссам гIо ца кхачахь, провинци южуш ю, аьлла.