Шемахь тIомбарна набахте хьажош ву майртупхо

Нохчийчоьнан Куьршалан кIоштарчу Майртуьпарчу Темирсултанов Исламан дов кхачийна талламчаша Шелан гIалин кхеле. Темирсултанов бехкево Шемахь тIом барна. Талламчаша къастийна, иза 2014-чу шарахь вахана, цхьана ханна Шемахь тIамехь а Iийна, Асад Башарна дуьхьаллаьттачу ттобанца, ахшо даьлча юхавирзина Нохчийчу, аьлла.

Шеца тIомбинчу нехан цIерш ша йийцарна а, бехк тIеэцарна а, кхело кIезиг хан тохаре сатуьйсу Темирсултановс, талламчаша бечу хаамца.