Маршо Радион сайт дIакъевлина Нохчийчоьнан администрацино

Маьршачу Европан - Маршо Радион нохчийн маттера сайт нахана еша-эфирашка ладогIа доьхкуш, дIакъевлина Нохчийчоьнан администрацино. Меттигерчу интернет-провайдершкахула Маршо Радион сайт елла воьллачунна дуьхьалхIутту сайт Оьрсийчохь хьажа йихкинчу хьостанийн реестре яьккхина, олий.

Бакъду, Нохчийчуьрчу Маршо Радион ладогIархоша хаамашбо, шайний-шайний меттигерчу Iедалан бехкамех пусар ца дан некъаш карийна, сайт ца ешаза, ла ца догIаза шаьш ца дуьсу бохуш.