Iамеркан 50 миллион вахархочунна хала дахка тарло денош

Чиллан шело а, лайнан дарц а хьаьвзина Iаьмеркан Штаташна тIе кIирандийнахь. Хенан хIоттам чолхе хиларна совцийна лелачуьра цхьамогIа пассажирийн кеманийн рейсаш. Лаххара а 7 стаг велла машенийн некъаштIерачу хьовзамех. ТIуьна ло IаьIна къилберчу штаташкахь, ткъа Вашингтон лаьтта ах метр сов лекхачу лайнан тархашлахь.

Шотт гуттара а ло тIехьерсаш даьккхина Iаьмеркан Штатийн коьртачу шахьаро. «50 миллион вахархочунна хала дахка тарло денош, дарц кхин чIагIдаларна кхерам бу, - хаамбина хенан хIоттаман тергоечу хьукматан куьйгалхочо Уцеллини Луис.

Цо бахарехь, пачхьалкхана хилла зен миллиард долларал совъоьккхуш ду, лайно лаца тарло кху муьрехь махбалера штаташ а.