Гбагбона кхел еш ю ХIаагехь

ХIаагехь кхелан процесс йолалуш ю шайн махкахь тIом баккхарна а, эзарнаш адамаш дайанрна а бехке веш волчу Кот-д'Ивуар пачхьалкхан президент хиллачу Гбагбо Лоранна тIехь. Дуьненаюкъарчу кхелан хIусаманна хьалах гулбелла бIеннаш цуьнан агIончаш.

ТIеман конфликт иккхира Кот-д'Ивуарехь 2011-чу шарахь, Гбагбо Лоран 2010-чу шарахь махкахь хиллачу харжамашкахь ша эшча, президентан дарж дита реза цахилар бахьана долуш. Ерриг а пачхьалкехь тасадаларш хилира цуьнан агIончийн а, дуьхьалончийн а. И бахьана долуш вийра 3 эзар гергга Кот-д'Ивуаран вахархо.

Цул тIаьхьа Францин эскарш юкъагIортар бахьана долуш цу мехкан куьйгалле хIоьттира карарчу хенахь волу президент Уаттара Алассан. Дуьненаюкъара бехк-такхаман кхел кхоьллинчу 13 шарахь жоьпе озийначу нахах уггаре а лакхара даржехь хилла стаг ву Гбагбо. Цунна бехке дуьллуш ду адамаллан дуьхьал зуламаш дар а, тIеман зуламаш дар а.

Гбагбон агIончашна хета иза кхеле озийна аьлла, хиллачу колонизаторшна дуьхьало ярна.