Мигранташ совцо алсам ахча деза Туркойчоьнна

Мигрантийн кризисца йоьзна проблема дIаяккха Евроберто ахчанца деш долу гIо алсам даккха деза аьлла хета Туркойчоьнна. Немцойн Die Welt газето дийцарехь, Анкара 5 миллиард евро доьхуш ю, амма Брюссель туркошна кхо миллиард евро далан а бен кийча яц.

Хьалхо Евробарто дIахьедар динера шаьш кийча хиларх лаьцна Туркойчохь болчу мухIажирашна гIо дан 3 миллиард евро дала, нагахь уьш Малхбузен Европе а цагIоьртуьйтуш совцабахь.

Цхьаьнанакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухIажирашкахула йолчу урхалло далочу терахьашца, Дечкен-баттахь Туркойчухула Греце дехьаваьлла 54 эзар мухIажир.