Кабулехь юха а Iожалхо иккхина

Кабулехь, ОвхIанистанан парламентна а, цунна улерчу полицин декъанна а гергахь Iожалхочо ша а оьккхуш, 10 стаг вийна, 20-нна чевнаш йина. Хаамбина ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. ТIаьххьарчу беттанашкахь оцу махкахь цхьамогIа лелхийтарш дина Iожалхоша.

Доккхачу декъанна, тIалибаша дечу лелхийтаршна а, шайн лелхаршна а бухахь ду меттигера Iедал цадезар а, цунна дуьхьало латтор а. Оцу юкъанна ОвхIанистанан Iедало тIалибийн хьалханчашца дIахьош ду бертан дийцарш. Бертан къамелашкахь дакъалоцу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа, Китайс, Пакистано.