Дадаев Зауран адвокатна юха а дуьхьало йина

Москохарчу Басманан кхело рогIехь юхатеттина Оьрчийчоьнан политик Немцов Борис верна бехктакхаме озийначу Нохчийчоьнан вахархочун Дадаев Зауран адвокатан арз.

Кхело кхо бутт хьалха талламчийн дехарца, рогIерчу ханна Дадаев лаьцна латто бинчу сацамна дуьхьал арз яздинера Дадаевн адвоката Цакаев Шамсуддис. Кхело нийса яхйина лору иза чохь валло мега хан.