Элдин Микаил. Узам.

Your browser doesn’t support HTML5

Элдин Микаил. Узам.

***

Сайн лазамо вагийначохь тIетевжийла хилча-м,

Сайн дегIан чарх коше ерззол лаьттан аса хилча-м,

Юкъ яьстина цкъа пхьор даъал дуьне маьрша хилча-м,

Идавойтур вацарий ас сайн кхолламе суо...

Ког левзича цхьа лар йиссал некъатача хилча-м,

Куьг кхевдича йовхо йиссал кхерчахь алу хилча-м,

Сан цхьалхачу синан гIаларт хьеста илли хилча-м,

Хьийзавойтур вацарий ас сайн кхолламе суо...

Сайн уьйрашна са ца гаттол собаре суо хилча-м,

Кху дуьненахь орам хеццал доьналла сайн хилча-м,

Сайн чаьлтанчин дашах тешшал догцIена суо хилча-м,

Iехавойтур вацарий ас сайн кхолламе суо...

Сайн хьагалле сатессина шовда дуйла хиъча-м,

Сан аз хаза сатессина лаьмнаш дуйла хиъча-м,

Сан сибат ган сатессина бIаьргаш буйла хиъча-м,

Воьхур варий даггара ас Везчу Деле суо...