НАТО бехке хета оьрсашна

Атлантикан альянсо (НАТО) шен ницкъаш Оьрсийчоьнан дозанашна герга гулбеш хилар тидамза дуьтур дац Москох, аьлла дIахьедина Малхбузенан тIеман гонехь векал волчу Кремлан векало Грушко Александра Оьрсийчоь-24 телевизионехула оршоьтадийнахь.

Техника а, эскарш а дуьхьалдаха дезар ду дозанаш мал ца дан, бохура Грушкос, амма ца яьккхира билгало, муьлха, мел ницкъ хир бу гIаттонберг.

Оьрсийчоьнанний, Малхбаленанний юкъаметтигаш шелъяларца алсамдаха долийра НАТО-но шен Юккъерчу а , Малхбалерчу а Европера герзаш, эскарийн Iамораш. Доьазза совбевлла Кремлца оьгIуш лаьттачу Малхбалено Европехь кхобу альянсан ницкъаш.

Адамо ша шен когах тапча тоьхна сурт ду НАТО-но Оьрсийчоьнца гергарло хадор, бохура шен телекъамелехь Грушко Александра.