Белорусна дуьхьал яьхна санкцеш юхаяха кечлуш ю Европа

Беларусна дуьхьалъяхна лела шен экономикан, финансийн санкцеш юхаяха кечлуш ю Европа. ТIедогIучу кIиранах арахьарчу гIуллакхийн министраш Брюсселехь вовшахкхетча арабала а мега и сацам, хаамбина Маршо Радионе Евробертан дипломатин хьукматерчу хьостанаша. Хьалха репрессешна кIел баьхна нах массех бутт хьалха Беларусино маьршабахарца, политикаца доьзна набахтешкахь латтийна нах мукъабахарца дузу Европехь Беларусца юкъаметтигаш йохъялар