Украинин парламентехь алсам депутаташ болчу тобанна юкъара яьлла «Самопомощь» олу фракци. Цунах лаьцна Еарин дийнахь Киевехь хаам бина цу фракцин лидеро Березюк Олега.
Цо дийцарехь, фракцин берриг а декъашхоша тIе куьйгаш а таIийна дIахьедар хьажийна Лаккхарчу Радан куьйгалхочуьнга Гройсман Владимирга, шаьш коалицина юкъара довлуш хилар хоуьйтуш.
«Самопомошь» партин депутаташ а, «Тимошенко Юлиян «Батькивщина» партин депутаташ а коалицина юкъара бовларх лаьцна официалан кепара хаам бан безаш ву Гройсман. Цул тIаьхьа йоьхна лоруш хир ю карарчу ханахь Лаккхарчу Радехь йолу коалици.
«Порошенко Петрон блок» а, «Яценюк Арсенийн «Халкъан фронт» а шина фракцин кхаьжнаш тоьаш хир дац парламентехь сацамаш тIеэца. Иза ду Украинин куьйгалхочо Порошенко Петро, парламент дIаса а хецна, керла Лаккхарчу Радан харжамаш кхайкхор бу бохург.