Пионтковский дIавахана Оьрсийчура

Публицист Пионтковский Андрей дIавахана Оьрсийчура, «Эхо Москвы» сайта тIехь зорбане яьлла шен артикл бахьана долуш ша кхеле озо мега аьлла. Цунах лаьцна ББС-на хаам бина цуьнан адвокато Фейгин Марка.

Дечкен-беттан 23-чу дийнахь язйинчу «Эккха кечйелла бомба» цIе йолчу Пионтковскийн артиклехь дуьйцуш ду федералан Iедалан а, Нохчийчоьнан куьйгалхойн а юкъаметтигех лаьцна.

Иза зорбане яьллачул тIаьхьа Дечкен-беттан 28-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Яровая Иринас Инарлин прокуратуре кехат яздинера иза экстремизман чулацам болуш хилар къастош таллам бе аьлла.

Цул сов Инарлан прокуратуре а, Талламан комитете а кхайкхамаш бинера Нохчийчохь йолчу парламентан депутаташа, аьлла ду Оьрсийчоьнан Инарлан прокуратурин сайта тIехь. Пионтковский Андрейс Твиттерехь йолчу шен агIона тIехь яздина, ша верна кхоьруш ву ша аьлла.