Къаной байина Аданехь

Йемен - Адан шахьарахь

Къилба Йеменехь тIамца къаной чохь кхобу цIа даьккхина тIемалоша. Риман католикийн юкъаралло оцу хIусамехь кхобуш хиллачу нахах вийна иттаннал сов, царалахь 4 мозгIар а йолуш.

«Къинхетаман миссонераш» цIе йолчу юкъараллин векало хаийтарехь, Аденерчу къаной цIенна чубахана тIемалой, шаьш шайн наной ган даьхкина а аьлла. Нахана юхьанца гIоьмаш йиттина куьйгех, тIаккха коьртах герз а детташ байина. Зуламхой жихIадхойх бу, хаамаш бо Аденера.

«Къинхетаман миссонераш» юкъаралла кхоьллина 1997 шарахь еллачу Нобелан совгIатан лауреато, дуьненна а евзаш хиллачу Нана Терезас.