Sony World Photography Awards версин тоьлла суьрташ

Гангасагар – ХIиндойчоьхь дин лелочу наха уггаре еза лоручу меттигех ю. Эзарнашкахь нах гулло цига ялтанан Макара-санкранти дезде билгалдаккха. Маьлхе доIадеш ю зуда.

 

Буддистийн мозгIарш  бу ло догIучу юкъанна лерринчу Iамалан бараме боьлхуш. Жимчу цхьана динан китайхой бехачу Лангмуси гIалахь хуьлу иза. Цигахь ах-бахархой бу тибетан буддисташ, шолгIа дакъа - бусалбанаш.

 

"Муьлххачу меттехь а, муьлххачу шерашкахь а адаман дегIо шен къаьсттина эс шеца леладойла хаийта воллура со. ДегIо цкъа а аьшпаш ца буьтту. Меже хIоразза а меттах хIовш, язйо цо шен истори, наха цуьнан ойла ца яхь а. Кху кхаа зудчуьнца ас болх бира хореограф а хилла Эланийн Балетан школехь" - боху фотографо.

 

"Жоьжахатин неI" олу газан Дарваза кратерх Турменистанехь. 45 шо ду иза йогу. Лаьтта бухахь есалла гучуелира 1971 шарахь мехкдаьтта, газ лохучу урхаллана. Даьккхинчу Iуьрго чудожийра цигахь лаьтта, иза дуьзира газах. Дийнахь а, буса а йогуш лаьцца цIе.

 

Эзарнаш каркатицаш гулло цхьана метте Австралин Спенсер аймане тIаьхье кхолла.

 

Багладешехь динан школера бераш дешаран де дирзича.

 

"Серло ледара кхетачу хьунан новкъахь со жима волуш цхьогал гира суна. Акхаро гIалина гергахь чекхйолуш гайта воллура со. Адамний, Iаламний юкъахь лаьтта зил кхин хаалуш а доцийла гойту акхароша. Оцунах ала воллура со," - дуьйцу Ирландерчу фотографо.

 

!Дуьне муха хьийза хиина ирсе ду хIиндойн къечу доьзалера ваша а, йиша а. Шайгахь хаарш дебарх даккхийде бераш," - боху суьртан авторо.
 

Оьрзан чIаралоцучу мIарашна юккъехь Китайра чIерийн фермер.

 

Лалийна эчиг, хи санна, дIасаластаде "Дечкан Зезаг" олу китайхойн шира ламас. ХIора шарахь леррина Iамийна пхьераш богIу лалийна маьIда гонаха дIасалестон.

 

Дех дисинчу цIаьлгахь вехарг.

 

150 шо ду кибирчигаш ечу пешан. Дайша йитина къайле яйна яц Китайрчу Чжэцзян провинцехь.

 

Гримм вежарийн "Беляночка а,  Розочка а" туьйранан васташ дендина фотографо.

 

Мамбуйхь шен говзалла гойтуш ву Iодан да.

 

Лаьтта совдохдалар иштта го фотографна-толамчина.