Даймехкан битамаш.Хорачу.

Веданара Хорачу боьду некъ.

Некъаш, тIемаш бирзинчул тIаьхьа тодеш, шардина.

Хорачу ма кхеччи, гучуболу Обарг Зеламханна хIоттийна хIоллам. 

Советан заманахь дуьйнна Сирж-Эвлахь лаьттира обарг Зеламханан хIоллам, тIемаш бирзинчул тIаьхьа ша ваьхначу Хорачу цуьнан юьртахоша схьабеара. 

"ЙоьIан чIаба" чахчари. Шийла, ша тайпа чам болуш ду и шовда. Цуьнан къурд ца беш тIех ца волу цхьа а некъахо.

Шен истори а ю оцу шовданан.

Шира кешнаш.

Хорачойн кегийнах.

Школера вогIу дешархо.

ДIатесна цIа, мацах аьзнех, самукъанечу дахарх дуьзна лаьттина.

Хорачуьра бIов.

Ловза, шен накъостий ларбеш Iа жима кIант.

Бералла...

БIаьстенан белхаш дIаболийна.

Куй биллал бен йоцу жима юрт Хорачу.

 

Жима ю Хорачу. Амма деха цигахь комаьрша адамаш, хьаша-да ларамца тIелоцуш, дайн оьзда гIиллакхаш, ламасташ лардеш. Боккха ларам бу нохчийн оцу юьрте цо къомана дог-майра Обарг Зеламха валарна.