Шемарчу мухIажирашна гIо даре кхайкхина дуьне Бан Ки Муна

Швейцари -- Женевехь болх бан йолаеллачу дуьненаюкъараллан мухIажирашкахула йолчу агенталлан конференцехь вист хуьлуш ву Бан Ки Мун. Женева, 30Заз.2016

2018-шо тIекхачале ах миллион гергга Шемара мухIажираш дIатарбеш дакъалацахьара аьлла кхайкхам бина ерриг а пачхьалкхашка Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан коьрта секретаро Бан Ки Муна.

И дIахьедар цо дина Зазадоккху-беттан 30-чу дийнахь Женевехь болх бан йолаеллачу дуьненаюкъараллан мухIажирашкахула йолчу агенталлан конференцехь.

Пхеа шарахь яхйеллачу Шемарчу тIеман конфликтехь вийна лаххара 250 эзар стаг. 5 миллион стаг махках ваьлла. И нах коьртачу декъана дIатарбелла Шемана луларчу пачхьалкхашкахь.

Шеман махкахошна гIо дарна хьажийна тIеххьара конференци хилира Чиллан-баттахь Лондонехь. Цигахь кху дуьнентIерчу пачхьалкхаша барт бира 11 миллиард доллар ахча гулдан ШолагIа Дьуненан тIом дIабирзинчул тIаьхьа дуьххьара цу тайпа дукха махках бевллачу нахана гIор дар Iалашонца.