Желтойчоьно арабаха болийна  мигранташ

Туркойчоьнца бинчу бертаца а догIуш, Евроберта юкъахь йолчу Желтойчоьно махкара арабаха болийна мигранташ. 131 кхайкхаза веана хьаша юхавигина - Туркойн бердашкахьа дIадахана ши хIордкема оршоьтадийнахь.

Арабохуш болу мигранташ доккхачу декъанна бу Пакистанера а, Бангладешера а. Оцу юкъанна Европано чубуьту шен мехкашка тIамо балелаьцна хьийза шемахой.