ГIаттамхошна гIодарна бехкево Нохчийчуьра ши вахархо

Нохчийчуьрчу полисхоша лаьцна гIаттамхошца зIе латтийна аьлла бехкевен Веданан-кIоштарчу Марзой-Мехкара 55 шо кхаьчна вахархо а, Сунжа кIоштарчу Серноводскера 28 шо долу жимстаг а.

Хаам баржийна махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIоьнчалло. Талламчийн хаамашца, цу шиммо а агIо лаьцна хилла гIаттамхойн, царна юург-мерг кхоьхьуш накъосталла дарца.