Донецкехь кхайкхийна машар бохийна

Донбассехь кхайкхийна машар Киеван ницкъаший, сепаратисташий бохош, герзаш кхийсаро сагатдойту, аьлла, дIахьедина Францин арахьарчу гIуллакхийн министралло оьршоьтадийнахь. ДIахьедар тIетевжа Европехь кхерамзалла а, белхан хьелаш а латторан организацин (ОБСЕ-н) хаамна – цуьнан векалша тергалдина агIонаша кIиранах шозза вовшашна тIелеташ. «Буьззина Минскехь бина барт кхочушбеш бен аьтто бер бац хьал тодан, боху дIахьедарехь Францин липломатин лидеро Эйро Жан-Марка.

Дахначу шоьтадийнахь Европерчу тергамчаша бечу хаамца, Звонарка олучу Донецкана гена йоццуш, сепаратисташкхь латтачу юьртатIе диттина герзаш. Цул хьалхо деттачу герзаш кIел нисбелира шаьш тергамчаш, лазийна вац стагга а. И инцидент кIирандийнахь емалйира Евробертан дипломатин куьйгалхочо Могеринис.