"Валидол" лаьцна Оьрсийн къайлахчу сервисаша

Туркойчохь леринчу операцехь масех бутт хьалха Истамбулехь нохчо Эдилгериев Iабдул-ВахIид верна шекойолуш лаьцначу шиннах цхьаъ Нохчийчуьра вахархо Лурахмаев Валид хилла, Смирнов Александран паспортца лелаш, аьлла хаамбина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн хьукмато.

Лурахмаев Валид, гонашкахь «Валидол» шех олу, авторитете а волуш, Оьрсийчоьнан а, Францин а лехамашкахь хилла, бохуш чIагIдо цара. Лурахмаевна бехке дуьллу баккхийчу барамашкахь къоланаш дар, стаг вен Iалашонца кIелонаш яр, яздо Интерполан сайта тIехь.