Габсбургийн Венера хазна

Рудольф II -чуьнан таж а (тIаьхьо Австрин императорийн таж), кхин йолу паччахьаллан симболш а.

Кхолламан гоьмукъ. ХIара гоьмукъ карахь йолуш 47 тIамехь цкъа а цаэшна Карл Сийлахь-воккха цIе йолу император. 

Габсбургаша Наполеон эшо шайн аьтто цабаьлча императоран Франц Хьалхарчуьнан йоI маре яхийтина цуьнга. Цо къант вича совгIатана дахьийтина хилла Габсбургаша хIара ага. Амма бер цкъа а цаIиллина кху 280 кила дато дойуш диначу аган чохь. 

 

Кху дуьнентIехь уггаре а боккха мехала тIулг (изумруд) (2680 карат). Иза карийна хилла Колумбехь. 
 

Дашо кхаба.

"Дашо тIаргIанан" орденан накха уьнан тIе дуьллу дакъа ду.

Бер керстан дине дерзош лелош хилла жовхIаршца кечбина гIайба а, юргIа а, коч а.  

Габсбургийн духар.

Габсбургийн духар.

Габсбургийн духар.
 

Империн жааIар (1024-1025) керстанийн динехь еза лоруш безамна лелаен хIума ю. 

Бочкаи Иштван (1557-- 1606) Габсбургашна дуьхьал гIаттам айина Лакхарчу Венгрин куьйгалхо хилла. Цуьнан хилла таж ду хIара. Венгрийн дехарца иза дайтинарг хилла Султан Ахмет.

  ЦхьамаIаерг -- мифашкахь юйцуш хилла говр ю, цIаналлан симбол лоруш йолу. Цуьнан маIа ю аьлла латтош ю хIара Габсбургийн хазнехь. 

 

Дешин а, детин а жовхIарш летийна кхабанаш.