Гадаев Мохьмад-Салахь. ЦIахь витина кIант

Нохчийн кIант

Your browser doesn’t support HTML5

Гадаев Мохьмад-Салахь. ЦIахь витина кIант.

Гадаев Мохьмад-Салахь.

ЦIахь витина кIант

Нана яхна базара,

Соьга аьлла:Iиэлахь цIахь.

Дикниг хир ву,

Аьлларг дахь.

Со а,

Нанас аьлларг деш,

Iуьйрре дуьйна

ЦIахь ву Iеш.

Со а,

КIад а ца велла,

Я кхиэра а ца велла.

Шел а, вох а ца велла,

Амма веллаЧIогIа

Мац

–Со ира а хIотталац.

Дош ду хIара?

Нане ала деза ас:

Я со кхин цIахь ма вита,

Я

цIахь соьца

Кийчча

Юург-мерг йита!