"Исламан пачхьалкх" шех олу тоба кхераме лору дуккхаъчу шерашкахь

Iамеркан къайлахчу сервисийн куьйгалхочо Бреннан Джона “Исламан Пачхьалкх” шех олу тоба тIедогIучу дуккхаъчу шерашкахь кхераме хир ю, аьлла дIахьедина. И дIахьедар цо дира “Ал-Къайдан” хилла куьйгалхо Осама бин Ладен вийна пхи шо кхачар билгалдоккхуш. ЭНБиСи телевизионехула динчу къамелехь, Бреннан Джона билгалдаьккхира ДаIиш тобанан куьйгалхо веро и тоба эшорна тIехь тхуна боккха аьтто бийр бу аьлла.

“Иза мехала ву, ткъа оха ДаIиш эшор а ю, сан цу хьокъехь цхьа а шеко яц,” элира цо. “Вайн церан ирча тIелатарш дIадахьа кечамбе урхалла хIаллакъян деза,”, тIетуьхира цо. “Вай «Ал-Къайдан» доккха дакъа хIаллакдина, амма иза хIинца а юьззина хIаллак янза ю,” кхиндIа а дIахьедира Iамеркан къайлахчу сервисан куьйгалхочо.

ДаIиш хьокъехь шен тидамаш бовзуьйтуш цо элира: “«Исламан Пачхьалкх» шех олу тоба, тоба яц, амма ша-тайпа хилам бу.” Iамеркан лерина кечбинчу ницкъаша 20II-чу шарахь вийра бин Ладен.