Нохчийчуьрчу Iедало йоккхачу тергонехь латтабо бахархой, цаьргара цхьа зе-зулам шена даларна кхоьруш. Лоьцуш а, дIахоьцуш а, цхьаберш цкъа а шайн цIийнах ца кхеташ а нисло.
Оцу хьолаца дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, Оьрсийчоьнан низамашца морзаха-м ца нисло те Iедалхоша Нохчийчохь къепе ларьярхьама йоху г1улчаш а, ял охьайиллийтарна тIехьажийна нахана беш болу тIеIаткъам а?
Шайна хетарг шу ала лууш делахь, йовзуьйту тхайн телефонаш.
Прагера телефон: + 4 20 724 019 832
Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.