Оьрсийчоьнан кеманаша Шемахь юха а тохарш дина

Оьрсийчоьно бакъ ца до шен кеманаша оршоьтан буса тохарш а дина, Шемарчу Иблибехь 23 стаг вер. Амма и хаам тIечIагIбина шемахойн бакъоларъярхоша. «Идлиб провинцехь тхан кеманаш болх бина а дац», - аьлла Оьрсийчоьнан тIеман министраллин пресс-секретаро Конашенков Игора.

Шемарчу бакъоларъярхоша дийцарехь, бомбанаш йиттинчу гIишлошлахь ду Идлибера дарбан цIа а. Бакъоларъярхойн тобан лидеро Iабдурахьман Рамис хаамбарехь, 7 бер ду беллачаралахь.

Ткъа туркойн арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, оьрсийн эскархоша а, Башар Асадан Iедало а къиза вийна 60 сов стаг, аьлла. Ткъа цу хаамах ца вешаш, иза нах Iадорхьама даржийна, аьлла Конашенковс. Идлиб Шемарчу Асадна дуьхьаллаьттачу ницкъинй карахь йолу дикка хан ю.