Соьлж-ГIаларчу цIийнах цIе яларан бахьанаш толлуш ду

КIиранан буса Соьлж-ГIарачу дуккха а нах чохь бехачу Косиоран урамерчу 14-чу цIийнан тхевнах стенна яьлла цIе толлуш бу говзанчаш. Ток бехке хила тарло, я стелахьаштиг кхетта хила мега аьлла ю версеш. Буса 3 сахьт даьлча яйина цIе. 500 вахархо вара чуьра араваьккхина.