ТIематасадалар иккхина ОвхIанистанехь

ОвхIанистанан малхбалерчу ГIазни провинцехь тIематасадалар иккхира кхаарийдийнахь Iедалан ницкъашний, тIалибашний юкъахь. 10 полисхо велла, пхиъ лазийна. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бечу хаамца, «виъ террорхо» тIелетта ГIазни-гIаларчу кхелан цIенна.

Цхьа тIалиб иккхина неIаршкахь, кхаанна чуваха аьтто баьлла. И кхоъ вийна кхелан гIишлонехь хиллачу кхийсаршкахь. Прессо бахарехь, тIалибийн хьалханчаша шайна тIеэцна бехк. Стигалкъекъа-беттан 8-чу дийнахь шайн 6 накъост ирхъолла кхачорна тIелетта хилла тIалибаш ГIазни гIалин кхелана.

Ткъа и 6 бехкевинера кхело, цара ши бутт хьалха Кабулехь динчу терроран тохарехь 64 стаг верна.