"Турпалхойн" сий до Нохчийчохь

Псковн губернатор Турчак Андрей куьйгаллехь волчу экспертийн кхеташоно тIечIагIдина Нохчийчуьрчу Орган чIожехь тIеман шерашкахь байинчу шайн десантникашна лерина жIаран кепехь хIоллам богIа. И хаам баржийна регионерчу зорбанаша. Гезгмашин-баттахь хIоттон сацам бина.

Дахначу шарахь Улус керт эвлана гергахь эгначу десантникийн дай-наной а, Псковн губернатор Турчак Андрей а Нохчийчохь официалан кхайкхарца хиллачу деношкахь барт бира меттигерчу Iедалца десантникийн сийнна жIаран хIоллам хIоттон. 2015-чу шарахь и тайпа хIоллам Ведана кIоштахь а боьгIнера.

1999 –чу шарахь гIаттамхойн, оьрсийн хIордан гIашсалташца хиллачу тIмантасадаларшкахь эгначийн сийнна. 26 хIордан гIашсалтех тIемалоша 13 вийнера.