ДIаяхначу буса Парижана гена йоццуш Iуьллучу Маньанвиль цIе йолчу гIалахь цхьана стага шен лулахо - полисхо урс диттина вен а вийна, цуьнан доьзал: зуда а, бер а закъалтана лаьцна, аьлла хаам бира "Лё монд" газето, полисхошкара хиллачу хаамашна тIетовжар а деш.
Оццу сарахь чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин белхалочо Пьер-Анри Брандера пресс-конференцехь дIахьедира оцу зуламан бахьна хIинца а девзаш дац , зуламхочуьнца зIене а девлла, цуьнца дIахьош дийцарш а ду, аьлла.
Полисхоша тIелатар динарг вийна, аьлла хаам хилира дукха хан ялале БФМ-телевизионехула. Закъалтана лаьцна зуда а елла, бер дисна - аьлла хаам хилира цул тIаьхьа хаамийн гIирсашкара. Талламан Iалашонашца тIелатар диначун а, байинчеран а цIерш цкъачунна йовзуьйтуш яц.