Iамерка ахчанца гIодийр ду Украинана

Iамерка -- Обама Баррак

Вашингтоно дIахьедина Iамерко кху шарахь Украинана 220 миллион доллар лур ду аьлла. Цу ахчано гIодийр ду Киево йохучу экономикан а, политикан а, энерги-реформанан гIулчашна. И дIахьедар Обама Баррака дира телефонехула Украинан премьер-министрица Гросманца ша къамел дина ваьлча. Вашингтоно билгалдаьккхира цу гIоьно Украинана аьтто бийр демократин институташ чIагIъян а, экономикан кхиоран бух тIечIагIбан а, гуманитаре хьашташна жоп дала а, аьлла.