Кхин цкъа а кхел йина Мурсина

Мисара -- Мурси Мохьаммада Каирера набахтехь, Охан. 30, 2015

Велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхна Мисаран хилла волчу президентана Мурси Мохьаммадана. Цунна бехке диллинарг ду Катаран шпион хилар. Мурсица цхьана кхеле озийна хиллачу кхин 6 стагана вен кхел кхайкхийна суьдо. Царна юкъахь ву «Ал-Джазира" телекомпанин ши журналист а. Царшинна кхел йина дуьхьал а воцуш.

Кхело бехке лерина Мурси бакъонца йоцучу цхьаьнакхетараллана куьйгалла дарна а, къайлах долу документаш лечкъорна а. Цуьнца цхьаьна Мурсис шен куьйга и документаш Катарана дIаделла хиларан тоьшаллаш цакарийна.

Мисаран зорбанан гIирсаш дийцарехь, цу нехан бакъо ю лаккхарчу инстанце латкъам бан. Цхьана шарахь президент лаьттинчул тIаьхьа даржах вохийра Мурси 2013-чу шарахь тIеман карчам а хилла. 2015-чу шарахь суьдо цунна вен кхел йира.