Трамп бусалбанашна дуьхьал ву

Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь хуьлучу президентан харжамашкахь кандидат волчу республиканхочо Трамп Доналда ша шена ечу агитацехь бусалба нахана дуьхьал къамелаш даро вон тIаьхьало юьтур ю, пачхьалкхана зен а дийр ду, аьлла, дIахьедина вице-президенто Байден Джос.

«ДуьнентIехь веха 1,4 миллиард бусалба стаг радикалан новкъа воккху аз хеза суна риторикехь» - элира шинарийдийнахь Iамеркан кхерамзаллин центрехь къамелдинчу Байдена. Кандидато Трампа, хьалхо бусалбанаш махка ма бита баьхнехь, кIирандийнахь шен агитацин болх дIахьош бохура, Штаташкахь беха бусалбанаш литта догIу.

«Оцу а, и санначу а къамелаша сила йолчу динан юкъарлонашна тIе IиндагI туху, уьш терроран хьостанаш йолуш санна, дуьненахь демократин гIортор ларалуш йолу Цхьаьнатоьхна Штаташ сийсазйо» - бохура вице-президенто Байден Джос. Иштта цо шеконе диллира Трампа Оьрсийчоьнан президентца Путинца гергарло лехар а.

«Оьрсийчоьне, цо агресси яржийначу муьрехь, хьошаллаш кхийдор, иза кхето гIерташ, Iамерко а, Европо а схьбахьа некъ шеконе биллар ду», -аьлла хета Байденна.