Нохчийчохь парламентан харжамаш хир бу хенал хьалха

Оршоьтадийнан гуламехь Нохчийчоьнан парламенто сацамбина Гезмашин-беттан 18-чу денна къастийна ша хуьйцуш махкахь хьонболу харжамаш. Деношкахь депутаташа хенал хьалха парламент декхарех мукъайоккху куьйгаш айдира, Кадыров Рамзан хоржу де а, парламентан харжамийн де а цхьаьнатохархьама.

Кадыровн куьйгаллера хан чекхъелира ши бутт хьалха. Иза цкъачунна даржехь витина ларалуш ву. Нохчийчуьрчу харжамийн урхаллан сайто гайтарехь, 665 эзар ах эзар харжамхо ву махкахь.