"Оьрсашна даиман а карор ду малар"

Your browser doesn’t support HTML5

Тулузехь Оьрсийчоьнан а, Уэлсан а футболан тобанаш ловзуш малар дохкар дихкинера меттигерчу Iедалша, даханчу кIиранах футболе хьовса баьхкина нах вовшех летар бахьана долуш. Амма малар дехкарна синтем байна бацара Тулузе баьхкина оьрсий.