Брюсселехь саммит йолаелла

Шинарийдийнахь йолийначу шина дийнан саммитехь коьрта дийцар ду Британехь дIаяьхьначу референдумехь британхоша Евроберта юкъарадовлуш кхьажнаш тасар. «Брекситан» тIаьхьенах дийца гулбеллачу пачхьалкхийн лидерийн дуьххьара официалан цхьанкхетар ду и. Иштта тидаме оьцур ду саммитехь мухIажирш дIатарбаран кризис, экономикан кхиар, Евробертан арахьарчу политикан юкъаметтигаш а. Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш яхъяран хаттар дийца лерина дацахь а, хьахо тарло Евробертан арахьарчу политикан стратеги юьйцучу юкъанна.

Саммит йолаялале хьалхарчу деношкахь Германин канцлера Меркел Ангелас, Францин президента ОллАнд Франсуас, Италин премьера Ренци Маттеос дIахьедар дира Европа «юкъара» юьсуш хиларх, цхьанне а кепара официалан доцу дийцарш Британица хила йиш цахиларх. Кхин дIа цуьнан Евробертаца хин йолчу юкъаметтигех лаьцна Лиссабонан 50-чу артикло ма хьоьхху Евробертах къастар дийцаре дар доцург.

БрюДарж дуьтучу премьер-министро Кэмерон Дэвида масийттазза дIахьедина, ша кхайкхор дац Британи Евроберта юкъараяларх официалехь, Гезгамашин-баттахь шен метта вогIучуьн декхар ду иза, аьлла. Шинарийдийнахь Евробертан 27 лидерца цхьанакхетарехь хила декхар вара Кэмерон Дэвид, ткъа кхаарийдийнахь саммито шен болх дIахьур бу иза дийцарийн декъехь а воцуш. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона Евроберт ларйо Британица бекхаме гIулчаш яхарх, пачхьалкхийн дидерш кайкхира цо «жоьпалле», «экамалле» «нийсаллин стратегица» хила.