Сайтиев Бувайсар керлачу даржехь

Дагестанан куьйгалхочун Абдулатипов Рамаданан сайто хаамбарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча, латаран спортан федерацин президент Сайтиев Бувайсар шен хьехамча хIоттош буьйр дина Абдулатипов Рамадана. Омрана куьйг яздина Мангал-беттан 27-чу дийнахь.

Цул хьалха хууш дара, Сайтиев Бувайсар Дагестанан куьйгалхочо шена тешаме лоручу нехан могIаршкахь латтавой а, иштта Пачхьалкхан Думан харжамашка «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин цIарах Дагестано хьалха теттинчу кандидатащшлахь вуйла а.