Москохан кхело чохь сецабо нохчий

Оьрсийчоьнан политик, оппозиционер Немцов Борис верна бехкебина чохь бахкочу Нохчийчуьрчу бахархошна Дадаев Заурна а, ГубашевгIарна ШахIидна а, Анзорна а, Бахаев Анзорна а, Эскерханов Тамерланна а Москохан кхело кхин а кхаа баттана чохь яккха хан яхъйина.

И хаам баржийна «Интерфакс» агенталло. Мангал-беттан 28-чу дийнахь хьалхо тоьхна хан чекхйолуш хиларца лаьцначийн адвокаташа йина апелляци жоп доцуш а юьтуш, тIеэцна кхело и сацам. Немцов Борис вийна дахначу шарахь Чиллан-беттан 27-чу дийнахь.