Сербехь кафечохь нах байина

Сербин шахьарна Белградна 80 чаккхарма генарчу Зренянин олучу юьртарчу кафехь 5 стаг вийна, мел лаххара а 20 стагна чевнаш йина герзан кхийсаршкахь. Белградан полицино даредарца, шоьтан Iуьйранна автоматца чуиккхинчу стага герз дIаса диттина оцу кафечохь. Бехкенхетарг лаьцна полисхоша.

Юьззина шан цIе а ца юьйцуш зуламхочо полицин декъехь мукIарло дина, ша хьалхо шен зуда а, кхин цхьа цаевза зуда а ерах. Цкъачунна дIахьош талламаш бу оцу хьокъехь. Лазийначарех 7 стаг валаран зилтIехь ву.