Даккерчу ресторанехь тIелатар дина

ПIераскана суьйранна Бангладешан коьртачу шахьарахь Даккехь герзаца ресторанчу лилхинчу наха йийсаре лаьцнера 20 маьрша стаг. .Бангладешан Iедалан гIуллакххочо дийцарехь, эскарша го лаьцна хиллачу тIеман тасадаларехь вийна и 20 йийсархо. БIе эскархочо 7 гIагIдиллинчу техникаца бинчу тIамца яьккхина ресторан террорхойн карара, иштта кIелхьараваьккхина 13 кхечу мехкийн вахархо а.

Бангладешан полицино хаамбарехь, Iарбойн маттахь «АллахIу Акбар» маьхьарий детташ, ресторанчохь хIума кхоллучу нахана кхерамаш а туьйсуш тIелатар дийнчарех 6 вийна. Болчу хаамашца, операци йирзина, амма полици тешна ю, тIелатар динчарех цхьаболучеран къайлабовла аьтто хилла хиларх. ПIераскана суьйранна Даккерчу ресторанехь хIума кхоллуш хиллера ши японхо, 7 италхо, масийтта индус а герзаца нах чу а лелхачу хенахь. 10 сахьтехь дийцарш динера полицино зуламхошца, йийсаре лаьцна маьрша нах дIахецар доьхуш. Эххар а ресторанчохь ши эккхийтар динера террорхоша.

«Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобано динчу терактан жоьпалла шайна тIелаьцна.