Обамас емал дина Далласехь полисхой байар

Iамерка -- Даллас, Техас, Товб. 8, 2016

Полицин 5 белхахо вийна, ялх лазийна Iамеркехь Даллас гIалахь дIайоьдуш митинг а йолуш. Рейтерс агенталло бинчу хаамца, и зулам дарна лаьцна ву кхо стаг. Кхин цхьа стаг вийна, схьалоцуш дуьхьало а йина.

CNN телеканало дийцарехь, чов хилла ву маьрша вахархо а. Iамекин президенто Обама Барака емал дина Далласехь бахархоша дIахьош йолу акци ларйеш хилла полисхой байар.

Далласехь а, кхечу Iамеркин гIаланашкахь а митингаш хилира Товбеца-бутт болалуш полицин белхахоша Луизианехь а, Миннисотехь а ши афроIамеркахо вийначул тIаьхьа. И шиъ вийна схьалоцуш. Полисхоша шаьш динарг бакъонца дара боху.