Оьрсийчура туристаш эцна чартеран рейсаш йолийна Туркойчу

Туркойчоь – Анталъя (Antalya), СовгIатийн туька.

Кху тIаьхьарчу 8 баттахь дуьххьара тIехь Оьрсийчура туристаш болу дуьххьарлера кема охьахиина Туркойчоьнан Анталехь. Цу тIехь хилла 189 стаг. ТАСС агенталло бинчу хаамца, иза чартеран рейс ю «Россия» авиакомпанино Москохара йина йолу.

Туркойн Iедалша бакъо елла Оьрсийчоьнна шайн махка туристаш эцна чартеран рейсаш ян. Амма Оьрсийчоьнан Iедалша хIинца а кхоччуш чекх ца даьккхина оьшуш долу кехаташ кечдар. И бахьана долуш буьззинчу барамехь туристаш садаIа дIабига аьтто боцуш йисина Оьрсийчура туризман агенталлаш.