Iинах вахана кIант дийна висина Нохчийчохь

Нохчийчоь.

Iинах вахана 9 шо долу кIант кIелхьарвакха аьтто баьлла Нохчийчура Орацаллин министраллан белхахошна. И кIант чувахана Iин хилла 170 метр кIорга. Амма буха кхача 9 метр йиссинчхенахь цуьнан аьто баьлла цхьана кондаргах тасавала. Орцахбевлла баьхкинчу наха кIелхьара ваьккхина иза цуьнан хаьл теллинчул тIаьхьа бохуш, хаам бо ТАСС агенталло.