Германин тховкIела уьду нохчий

Кхушеран беттанашкахь стохкачул шозза совбевлла, 4410 кхаьчна Германехь тхокIело йоьхучу нохчий. И терахь даладо немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш Die Welt газето. Оцу хьостано боху, баттахь 800 тIера 1200 тIехкаччалц бу мухIажиралла доьху нохчий.

Нохчийчуьра бахархой идаран бахьанашлахь коьртаниг лору Оьрсийчуьрчу дуккхаъчу бакъоларъярхоша махкахь лаккхарчу хьесапехь репрессеш латтар.