Немцов вер талла долош ю кхел

Москох тIеман кхело харцдо Дадаев Зауран адвокато Цакаев Шамсуддина кхелевалочун дов бехккъасторхоша луьстур ду аьлла дина дIахьедар. Кхело и сацам цкъачунна тIеэцна а бац, аьлла цигарчу пресс-гIоьнчас Жирнова Иринас.

Оршоьтадийнахь тIеман кхело дIадолийна стохка Iай Москох политик-оппозиционер Немцов Борис верах долчу девнан юьхьанцара ладегIарш. Талламчаша зуламна бехкево Дадаев Заур, Бахаев Хьамзат, Эскерханов Тамерлан, Губашев Анзор , Губашев ШахIид. Ткъа пхеаннах цхьаммо а ца эцна бехк тIе.