Соьлж-ГIалахь Европан чемпионат хилла

Кхаарийдийнахь Соьлж-ГIалахь йирзина тхейквандон Европан чемпионат. Деши даккхарца хьалхаяьлла Оьрсийчоь – 10 мидал. ШолгIа ю Туркойчоь, кхоалгIа – Желтойчоь, хаамбина Нохчийчоьнан спортан министраллехь. 28 пачхьалкхерчу 200 сов спортхочо дакъалаьцна къовсадаларшкахь.

«Олимпийск» олучу комплексехь дIаяьхьна чемпионат. Махкарчу бахархоша бечу хаамашца, полицин хаш хIиттийна, къепе чIагIйинчу хьелашка яра Нохчийчоьнан коьрта шахьара чемпионат йоьдучу деношкахь.